Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьайн дагахь ахь бохура: „Стигала хьала а ваьлла, Делан седанел а лакхадоккхур ду ас сайн гІант, къилбаседанан йистехь болчу деланийн кхеташонан ломана тІехь охьахуур ву со. Стигалан Іаьрчашка хьала а ваьлла, Веза Воккхачух дІатарлур ву со“. Амма хьо эхарта чукхоьссина, хьо Іинан бухе кхаьчна. Хийрачу нехан чуьрабийлар сацийна Ахьа. Мархин ІиндагІо йовхо дІаяккхар санна, буьрсачу нехан баккхийбер дІадаьккхина Ахьа. Везачу Эло билггал йохор ю Бавел-гІала, цунна чохь мел йолу гІовгІа дІа а туьйш. Яккхий тулгІенаш санна, мостагІий цунна тІегІертар бу, церан буьрса маьхьарий дІа а хозуьйтуш. Уьш, эхарта кхаччалц, лаьттах чубахнехь а, цигара а Сан куьйго схьабохур бу. Уьш, тийсалуш, стигала хьалабевллехь а, цигара а чукхуьссур бу Ас. Кармал-ломан боххьехь къайлабевлча а, цигахь а, схьа а карийна, схьалоьцур бу Ас уьш. Сан бІаьргашна хьалхара дІабевлла, хІордан бухахь уьш дІаловчкъахь а, цигахь а Ас хІордан лаьхьане омра дийр ду, уьш лаца аьлла.
Выбор основного перевода