Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло хІаллакйира цигахь йолу гІаланаш а, ерриг тогІи а, дерриг ораматаш а, цу гІаланашкахь Іийна дерриг адамаш а. Дерриге а латта, силам а, туьха а шена тІехь долу, цІе яьлла аре хилла дІахІуттур ду. Цунна тІехь ялта дІадуьйр а дац, ялта кхиор а дац. Цу тІехь цхьа а тайпа буц а хьалаер яц. Иза хир ду Везачу Эло Шен чІогІачу дераллица йохийна йолчу Седам а, Іамор а, Удам а, Цхьабайма а олу гІаланашна хилларг санна. Нагахь массо а ницкъийн Везачу Эло цхьаболу дийна биснарш вайна битина ца хиллехь, вай Седам-гІала санна хир дара, Іамор-гІаланах дІатарлур дара. Бавел-махках лаьцна аьлча, иза пачхьалкхийн хазалла а, хашадхойн дозаллин исбаьхьалла а ю. Амма Бавел-гІала, Седам а, Іамор а санна, Дала хІаллакйийр ю. Абаден абаде даллалц, бахархой хир бац цунна чохь, массо а тІейогІучу тІаьхьенашкахь цигахь стаг Іийр вац. Іаьрбичо шен четар а хІоттор дац цигахь, шайн жеца садоІуш Іуй а Іийр бац. Везачу Эло Седам-гІала а, Іамор-гІала а, царна гонах йолу ярташ а йохийна дІаяхаре терра, – боху Везачу Эло, – иштта Бавелаца хир ду. Цигахь цхьа а адам дехаш хир дац, цхьа а стаг цигахь кхин соцур вац. «Ас шуна юкъахь бохамаш бора, Седам-гІала а, Іамор-гІала а йохош Айса бина бохамаш санна. Ткъа шух биснарш, цІергара схьадаьхна хьокхий санна, бара. ТІаккха а Суна тІе ца дирзира шу, – боху Везачу Эло. –
Выбор основного перевода