Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ГІело еш даьккхинчух тешна а ма Іе, шаьш лачкъийна даьккхинчух дозаллаш а ма де. Хьал алсамдуьйлуш делахь а, шайн дегнаш цунна дІа а ма ло. Иштта боху Везачу Эло: «Шен хьекъалх дозалла деш хила ца веза хьекъалча, шен ницкъах дозалла деш хила ца веза ницкъ болуш верг а, ткъа хьал долуш верг шен хьолах дозалла деш хила а ца веза. ТогІин яхархо йолу Ярушалайм-гІала, тІапломахь лаьтта тарх, хьуна дуьхьал ваьлла Со, – боху Везачу Эло. – Аша боху: „Тхуна дуьхьал цхьа а вер вац, тхан дІалечкъийла цхьаммо а дІалоцур яц“. Дукха лелар дуй хьо дІасауьдуш, тешаме йоцу йоІ санна долу халкъ? Везачу Эло дуьнен чохь керланиг кхуллу: зудчо шен майра кІелхьарвоккхур ву. Хьайн хьекъалца а, кхетамца а гулдина ахьа хьайн дерриг а хьал а, хьайн хазни чуьра деши а, дети а. Хьайн доккхачу хьекъалаллица а, айхьа йохкаэцар лелорца а гулдина ахьа хьайн хьал, цундела хьан коьрте куралла йоьссина и хьал бахьана долуш.
Выбор основного перевода