Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ерихонера ГІай-гІала нах бахийтира ЮшаІа. ГІай-гІала Байт-Аванна уллохь, Бетал-гІалина малхбалехьарчу агІор яра. Цу нахе ЮшаІа элира: «Даха а гІой, талла и меттиг». ДІа а бахана, ГІай-гІалане хьаьвсира уьш. ЮшаІ волчу юха а баьхкина, цара элира: «Дерриг а халкъ а ца дохуьйтуш, ши-кхо эзар стаг вахийта ГІай-гІала схьаяккха. Уьш цигахь дукха а бац, дерриг а вайн эскар дахийттал». Халкъах кхо эзар гергга стаг вахара гІалина тІелата, амма уьш ГІай-гІалин бахархоша лаьхкира. Ткъе ялхитта стаг вийра царах ГІай-гІалин бахархоша. Шайн кевнера лаьхкина, тІулг боккхучу метте кхаччалц дІабигира цара и исраилхой. Лам тІера чубуьссучу хенахь байира уьш ГІай-гІалин бахархоша. Доьналлех боьхначу исраилхойн дегнаш дегадора. Везачу Эло ЮшаІе элира: «Кхера а ма кхера, воха а ма воха. ТІом балуш верг верриг а хьайца схьа а эций, ГІай-гІалина тІелата. ГІай-гІалин паччахь а, цуьнан халкъ а, гІала а, латта а хьан кара дІало Ас. ГІай-гІалина а, цуьнан паччахьна а айхьа Ерихонна а, цуьнан паччахьна а диннарг де, амма цуьнгара а, гІалин бахархошкара а схьаяьхна хІуманаш а, церан даьхни а шайна юкъахь дІасадекъа. ГІалин тІехьа агІор кІело а е». ЮшаІ а, берриг а исраилхойн тІемалой а ГІай-гІалина тІелата кечбелира. Ткъе итт эзар дикаха къонах а хаьржина, буьйсанна уьш дІахьовсийра ЮшаІа, цаьрга омра а дина: «Хьовсалаш, шу гІалина тІехьа агІор кІело йина хир ду, амма гІалина гена а ма довла, массо а тІелата кийча а хила. Со а, соьца волу массо тІемало а гІалина тІелетар ву. Хьалха санна, ГІай-гІалин божарий тхуна дуьхьалбевлча, тхо царах довдур ду. Тхаьшна тІаьхьабаьхна, гІала йолчуьра оха дІабуьгур бу уьш. „Хьалха санна, вайх бевдда уьш“, – эр ду цара. Тхо царах девдча, шаьш кІело йиначуьра схьа а довлий, гІала дІалаца. Шун Везачу Дала шун кара схьалур ю иза. Шаьш гІала дІалаьцча, сийна цІе таса цунах. Везачу Эло ма-аллара, кхочушде дерриг а. Хьовсалаш, аса тІедуьллу шуна иза». Иштта, ЮшаІа дІа а бахийтина, ГІай-гІалин малхбузерчу агІор, Бетална а, ГІайна а юккъехь, кІело йира исраилхоша. ЮшаІ цу буса халкъана юкъахь дІавижира. Іуьйранна хьалххе хьала а гІаьттина, тІемалошка хьожуш чекхвелира ЮшаІ. Иза а, исраилхойн къаной а, халкъана хьалха а бевлла, ГІай-гІалина тІебахара. ТІемалой, ЮшаІаца дІа а бахана, гІалина гергахьа баьхкира. ГІай-гІалин къилбаседехьа йолчу агІор меттамотт хІоттийра ЮшаІа. ГІалина а, меттаматтана а юккъехь тогІи яра. Хьалххе пхи эзар стаг Бетална а, ГІай-гІалина а юккъехь кІелоне ховшийнера цо. Уьш ГІай-гІалин малхбузерчу агІор бара. ТІемалоша шайн меттигаш дІалаьцнера: гІалина къилбаседерчу агІор хІоттийна меттамотт болчохь а, гІалина малхбузерчу агІор кІело йиначохь а. Цу буса тогІи чу веара ЮшаІ. И дерриг шена гича, ГІай-гІалин паччахь, Іуьйранна хьалххе хьала а гІаьттина, гІаларчу божаршца исраилхошна дуьхьал тІаме аравелира. Иза а, цуьнан эскар а Іариба-тогІина уллохь йолчу хьалхалерчу метте деара. ГІалина тІехьа кІело йинийла ца хаьара паччахьна. ЮшаІ а, исраилхой а, цара шаьш эшийча санна, яьсса аре йолчухьа дІабевдира. ГІалахь болчу массо а божаршка схьакхайкхинера, исраилхошна тІаьхьадовла аьлла. ЮшаІана тІаьхьауьдуш, гІалина генабевлира уьш. ГІай-гІалахь а, Беталахь а цхьа а боьрша стаг ца висира исраилхошна тІаьхьавалаза. Шайн гІала схьайиллина йитира цара, мостагІашна тІаьхьа а бевлла. ТІаккха Везачу Эло элира ЮшаІе: «Хьайн карахь болу гоьмукъ ГІай-гІалина тІехьажабе, Ас хьан кара дІало иза». Шен карахь болу гоьмукъ гІалина тІехьажийра ЮшаІа. Цо куьг хьала-ма-айи, кІелонехь Іаш болу исраилхой, сихонца хьала а лилхина, гІалехьа дІахьаьвдира. ГІала схьа а лаьцна, цунах цІе тесира цара. Юхахьаьвсинчу ГІай-гІалин божаршна шайн гІалина тІера стигала кхаччалц хьалаоьху кІур гира. ХІинца цхьанхьа а бовда меттиг яцара церан – я хьалха а, я тІехьа а, хІунда аьлча яьссачу арене бевдда боьлху исраилхой, юха а бирзина, царна тІелетира. ЮшаІ а, берриг исраилхой а, кІело йиначара гІала дІалацар а, стигала хьалаоьху кІур а гина, юха а бирзина, ГІай-гІалин божарий хІаллакбан буьйлабелира. ГІалахь болу исраилхой а царна дуьхьал арабевлира. Шина а агІор болчу шайн мостагІашна юккъехь бисира ГІай-гІалин божарий. Ведда а, висна а цхьа а ца волуьйтуш, уьш берриш а хІаллакбира исраилхоша. Ткъа ГІай-гІалин паччахь, схьа а лаьцна, вен ца вуьш, ЮшаІана тІе валийра. ГІай-гІалин божаршна тІаьхьа а бевлла, яьссачу арахь, царах цхьа а дийна ца вуьтуш, шаьш уьш массо а вийча, исраилхой гІали чу юхабирзира. Цу чохь мел долу адам а дийра цара. Цу дийнахь вийна верриг а ГІай-гІалин вахархо шийтта эзар вара – боьрша нах а, зударий а. Гоьмукъ карахь а болуш, ша хьалаайина куьг охьа ца дахийтира ЮшаІа, ГІай-гІалин массо а вахархо хІаллакваллалц. Даьхни а, гІали чуьра схьаэцна хІонс а шайна юкъахь йийкъира исраилхоша, Везачу Эло ЮшаІана тІе-ма-диллара. ГІай-гІала яга а йина, цунах саьлнаш йира ЮшаІа. Таханлерчу дийне кхаччалц иштта йохийна Іуьллуш ю и гІала. ГІай-гІалин паччахь, дитта тІе хьала а оьллина, сарралц кхазийтира ЮшаІа. Малх чубузучу хенахь паччахьан дакъа, дитта тІера охьа а даккхийтина, гІалин кевне охьакхоссийтира цо. Цул тІаьхьа, докъана тІе тІулгаш а кхиссийтина, йоккха оьла яйтира. Иза хІинца а йолуш ю. Бегало, гІайгІа йоцу зударий! Лесташ хила, синтемехь болу мехкарий! Шайн бедарш охьа а кхиссий, гІодаюккъе сингаттаман духар дехка. Шайна тІе сингаттаман духар доха, мохь бетташ, тийжарца делха, хІунда аьлча Везачу Элан дералла ЯхІудан халкъана тІера дІа ца йирзина». Муабин къоман кхин сийлалла хир дац. Хьешбонехь цунна дуьхьалдаккха зулам кечдеш бу: „Дуьйло, хІаллакдийр ду вай и къам“, – бохуш. Хьо а, Мадмон-гІала, дІатийна хир ю, тур хьуна тІаьхьадаьлла лелар ду. Шайн корматаллех а, шайн бахамах а тешна шу Іийна дела, йийсаре кхочур ду шу. Шун дела волу Камош а гІур ву йийсаре, шеца динан дай а, элий а буьгуш. Іамминан къомах лаьцна Везачу Эло иштта боху: «Бераш дац ткъа Исраилан халкъан? Цуьнан долахь дерг кхочун верг вац ткъа? ТІаккха МилкІом-харцделан къомо гадахойн мохк хІунда дІалаьцна? Оцу къоман нах гадахойн гІаланашкахь хІунда бу Іаш?
Выбор основного перевода