Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Лом шен боьлак чуьра арадаьлла, халкъ хІаллакдийриг шен некъ бан волавелла. Цо шен хІусам йитина, шун латта дассорхьама. Шун гІаланаш хІаллакйийр ю, царна чохь адамаш а хир дац. Веза Эла, вац Хьоьца нислур волуш цхьа а! Хьо сийлахь-воккха ву, Хьан цІе а ю еза Хьан нуьцкъалаллица! Цуьнан баьчча оцу къомах схьавер ву, халкъан олахо царна юкъара хир ву. Аса Сайна тІеозавойтур ву иза, ткъа иза Сайна улло валор ву, хІунда аьлча Суна улло ван шен са ца кхоош мила ваьхьар ву? – боху Везачу Эло. – Йордан-хин йистерачу боьлакаш юккъера лом токхечу дежийлашка схьадалар санна, Со схьавогІур а ву, цІеххьана бавелхой шайн махкара дІабовдуьйтур а бу. ТІаккха Сайна луъург оцу махкана тІехІоттор ву Аса. Сох мила тарвалалур ву? Соьгара жоп деха мила ву? Муьлха жаІу валалур вара Суна дуьхьал? ЛадогІал Веза Эла волчу Ас Бавел-гІалин бахархошна дан леринчуьнга, иштта хашадхойн махкана Аса дан леринчуьнга а. Ас чІагІо йо, жа санна долчу Бавелан къома чуьра къонахой дІакхоьхьур бу. Ас чІагІо йо, церан латта Аса хІаллакдийр ду, цара мел лелийнарг бахьана долуш. Бавел схьаяьккхина яьллачу гІовгІано латта дегор ду. Цигара девлла маьхьарий къаьмнашна юкъахь дІахезаш хир ду». «Левиятан караІамо хьан сатийсам харц хир бу! Иза цкъа схьахьаьжча а, хьо охьавужур ву. Дагадаийта дуккха а зама хьалха хилларг. Со Дела ву, Со воцург, кхин дела вац, Со Дела ву, Со санна, кхин цхьа а вац. Везачу Эло элира: «Ярми-ЯхІу, гІаш болчаьрца хьодуш а хьо кІадвелла хилча, говрахь болчаьрца муха къовсалур ву хьо? Шерачу аренгахь а хьо тасалуш хилча, Йордан-хин йистерачу боьлакашкахь хІун дийр ду ахьа?
Выбор основного перевода