Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Тейма-махкара бахархой! Хьогах болчарна дуьхьал хи хьо, шайн махкара бевдда богІучу нахана баьпкаца дуьхьалдовла, Цундела Аса кхидІа а оцу къомана инзаре хІуманаш дийр ду, цуьнан дуьхьа Аса Іаламат тамашийна гІуллакхаш дийр ду. Церан хьекъалчийн хьекъалалла довр ду, кхетам болчийн кхетам а хир бац». Везачу Эло боху: «Сан тур стигалахь, дераллах даха а дехна, кечдина ду. Хьовсал, кхел ян езачу а, Аса дерриг хІаллакден долчу а Эдоман халкъана тІедуссуш ду иза». Везачу Элан тур цІийх дузур ду, махьарх а дазлур ду – Іахарийн а, бежалойн а цІийх дузур ду, уьстагІийн жаннаш тІерачу махьарх а дазлур ду иза. ХІунда аьлча Бацар-гІалахь сагІа даккхар а, Эдоман лаьтта тІехь, доккха цІий Іанош, урс хьакхар а хир ду Везачу Элан. Шун хьекъалчаш юьхьІаьржачу а хІуьттур бу, уьш карзахбаьхна а, гуро лаьцча санна а хир бу. Везачу Элан дешнаш цара юхатеттина хилча, мичара хир ду цаьргахь хьекъал? ЛадогІал Везачу Эло Эдоман бахархошна дан леринчуьнга, иштта Теман-гІалин бахархошца Цо дан леринчуьнга а. Ас чІагІо йо, жа санна долчу Эдоман къома чуьра къонахий дІакхоьхьур бу аьлла. Ас чІагІо йо, церан латта Аса хІаллакдийр ду аьлла, цара мел лелийнарг бахьана долуш. Хьалдолчу Эло иштта боху: «ЯхІудан халкъана къиза бекхам барна, Эдоман къомо шех доккха къа а латийна, иза чІогІа бехке а хилла. И хІума бахьана долуш, – боху Хьалдолчу Эло, – Ас Сайн куьг дІакховдор ду Эдомна дуьхьал, цуьнан халкъ а, дийнаташ а хІаллакдийр ду. Теманна тІера Дадданна тІе кхаччалц Ас цуьнан мохк бассор а бу, массо а туьро хІаллаквина а хир ву. Сан къам долчу Исраилан халкъан гІоьнца Ас бекхам бийр бу Эдомна. ТІаккха цара Сан оьгІазвахаре а, Сан дера хиларе а хьаьжжина, хІума дийр ду цигахь. ТІаккха бевзар бу царна Сан бекхам», – иштта боху Хьалдолчу Эло. Иштта боху Везачу Эло: «Эдоман бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хІунда аьлча уьш шайн вежаршна, тур а айина, тІаьхьабевлла лелла. Гергарлонан марзо хер а йина, даим дарбелла лелаш, шайн оьгІазалла цкъа а ца юьтура цара. Теман-гІалина тІе а цІе хьажор ю Ас, цу цІеро хІаллакйийр ю Бацар-гІалин гІепаш а». Іабди-ЯхІу-пайхамарна сурт хІоттар. Хьалдолчу Эло иштта бохура Эдоман халкъах лаьцна. Везачу Эло хІара хаам бира тхоьга, тІаккха оха геланча вахийтира, и хаам халкъашна дІахазийра: «ХьалагІовтта, Эдомана дуьхьал тІом бийр бу вай!» – аьлла. «Ас къаьмнашна юкъахь жиманиг дийр ду хьох, цундела хьо лорур дац цара. Хьо хьайн деган куралло Іехийна. Хьо дехаш ду лекхачу меттехь, тархийн хераллашкахь. Ахьа хьайн дагахь боху: „Мила вара со лаьтта доссо?“ Нагахь, аьрзу санна, лакха хьала а даьлла, седарчашна юкъахь ахь хьайна бен бича а, Ас хьо цигара а охьакхуссур ду», – боху Везачу Эло. «Къуй-м бацара те хьуна баьхкинарш? Буьйсанна лела талорхой-м бацара те хьуна иштта бохам бинарш? Цара-м шайна оьшшучул бен хІума дІахьур яцара. Нагахь шу долчу кемсаш лечкъош берш къайлаха чубаьхкича, цара а буьтур бацара ткъа кемсийн масех буьртиг? Ма, чІим санна, цІанвина Іесав! Къайлаха мел ерг а ма гучуяьккхина цуьнан! Шу шайн бартхоша дозанан йисте кхаччалц дІалохкур ду. Шуьца бертахь бехачара, шу ле а дина, эшор ду. Шуьца цхьаьна шуьне ховшучара шу Іовжор ду. Цара эр ду шух лаьцна: „Мичахь ду церан дерриг а хьекъал?“» «Цхьана дийнахь Ас таІзар дийр ду Эдомна. Церан хьекъале нах хІаллак а бийр бу, церан хьекъалалла дІа а доккхур ду Ас, – боху Везачу Эло. – Хьан тІемалой, Теман-гІала, кхерабелла хир бу, ткъа Іесаван лам тІехь берш хІаллакбийр бу». «Аша шайн вешина Якъубана гІело ярна, шуна тІе эхь дуссур ду, шу гуттаренна а хІаллакьхир ду. Церан хьал хийрачу наха дІахьочу дийнахь, кхечу къаьмнаша, церан кевнехула чу а девлла, Ярушалаймах кхаж тосучу хенахь, шу, царах долуш санна, юьстаха лаьттара. Шу хьогІаца хьежа ца дезара шайн вежарийн дийне, церан аьтто боьхначу дийне. Шу даккхийден ца дезара яхІудхой хІаллакьхуьлучу дийнахь, аша дозаллаш дан ца дезара церан бохаман дийнахь. Шу чудовла ца дезара Сан халкъан кевнехула цуьнан ирс дайначу дийнахь. Ур-атталла хьежа гІуллакх а дацара цуьнга цу дийнахь. Аша цуьнан бахамна тІе куьг кховдо ца дезара цунна бохам хиллачу дийнахь. Шу некъаш галморзаха довлучу меттехь латта ца дезара цуьнан бевддарш хІаллакбархьама, дийна биснарш дІабала а ца безара аша оцу баланечу дийнахь. Массо а халкъашна гергадеана Везачу Элан къематде. Аша диннарг шуна а дийр ду. Хьакъ мел дерг шун кортош тІе доьрзур ду. ХІунда аьлча Сан безачу лам тІехь аша маларш мийларе терра, кхечу къаьмнаша а муьйлур ду уьш массо а хенахь. Цара кхаьллина дІадоккхур ду, тІаккха, цкъа а ца хилча санна, дІа а девр ду уьш. Ткъа кІелхьардовлар Цийон-лам тІехь хир ду. И лам, еза меттиг а хилла, дІахІуттур бу. Якъубан цІийно шена бакъонца догІуш долу латта тІаьхьалонна доладоккхур ду. Якъубан цІийнах цІе хир ю, Юсупан цІийнах цІеран алу хир ю, ткъа Іесаван цІийнах ча хир ду. И ча дагор ду. ТІаккха цхьа а дийна вуьсур вац Іесаван цІийнах». Иштта боху Везачу Эло. «Іесаван лам къилберачу яхІудхоша дІалоцур бу, ткъа акъарешна чуьра болчара пІелаштамхой кара а берзор бу, Эпраймера а, Шамранера а аренаш дІа а лоцур ю. Бен-Яманан тІаьхьено ГалІад-мохк схьабоккхур бу. Исраил-мехкан къилбаседерчу агІонера махкахбаьхначеран эскаро, юха а деана, КанаІанан латта Сарпат-гІалина тІекхаччалц дІалоцур ду, ткъа Ярушалаймера ара а баьхна, Сапрад цІе йолчу меттигехь баха ховшийначара ЯхІуд-мехкан къилбера гІаланаш схьайохур ю. КІелхьардаха богІуш берш Цийон-лам тІе богІур бу Іесаван ломана тІехь олалла дан. ТІаккха Везачу Эло Ша паччахьалла дийр ду».
Выбор основного перевода