Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элан тур цІийх дузур ду, махьарх а дазлур ду – Іахарийн а, бежалойн а цІийх дузур ду, уьстагІийн жаннаш тІерачу махьарх а дазлур ду иза. ХІунда аьлча Бацар-гІалахь сагІа даккхар а, Эдоман лаьтта тІехь, доккха цІий Іанош, урс хьакхар а хир ду Везачу Элан. Эдоман хих силам хир ду, цуьнан чан саьмгал хилла дІахІуттур ю, ткъа лаьттах догуш долу силам хир ду. Дийнахь а, буса а дІа а ца довш, догуш хир ду и латта, массо а хенахь кІур хир бу цунна тІера хьалаоьхуш. Массо а тІейогІучу тІаьхьенехь дІатесна а, даьсса а хир ду иза. Абаденналц цхьа а гІур вац цунна тІехула дІа. Куьйранаша а, зуьнаша а дІалоцур ду и латта, ткъа бухІанаша а, къийгаша а шайн бенаш цигахь дийр ду. Везачу Эло Эдоман мохк баьсса а, кегарин а хуьлуьйтур бу. Баьччанех цхьа а вуьсур вац цигахь, махкана тІехь паччахьалла дан кхайкха, берриг а цигара элий дІабевр бу. КІохцалш долу коьллаш дезачу цІеношкахь кхуьур ю, баьІаша а, нитташа а гІепаш къайлайохур ю. ЧангІалкхаш а, бухІанаш а Іийр ю цигахь. Яьссачу аренан акхарой акхачу жІаьлешца цхьаьнакхетар ю цигахь, акха гезарий хир ю вовшашка Іоьхуш. Буьйсанан гІаларташ хир ду цигахь садоІуш а, шайна синтем лоьхуш а. БухІано, бен а бина, тевна хиъна, хІоаш дохур ду цигахь. Ша даьхна кІорнеш шен тІемийн ІиндагІехь лардийр ду цо. Маккхалш а гуллур ю цигахь цхьаъ вукхунна тІаьххье. Сан халкъан мохк бассийна хир бу, гуттаренна а цунах кхаьрдар бу. Махка тІехула лелаш мел верг, инзар а ваьлла, корта лестош хир ву. Амма хІокху дешнашка аша ла ца догІахь, Аса Сайх дуй боу, – боху Везачу Эло, – хІара цІа Аса дассор ма ду’“». Дуьненан массо а пачхьалкхашна Аса царах инзаре а, вон а хІума дийр ду. Аса уьш дІалаьхкина йолчу массо а меттехь атта хоьтуьйтур бу, царах масалш а далош, нах кхордуьйтур бу, церан цІераш а йохуш, неІалташ кхайкхадойтур ду. Мисар-махка кхалха а, цигахь Іан а сацам бина ЯхІуд-махкахь дийна биснарш Аса дІабохур бу. Уьш массо а Мисар-махкахь дІакхелхар бу! КІезиг болчу нахана тІера дуьйна, цІеяхана болчарна тІекхаччалц уьш туьраца а, мацаллица а хІаллакьхир бу. Наха церан цІе яккхарца неІалт эр ду, царна динчунна нах Іадийна хир бу, царах кхаьрдар бу, нахана уьш дола а хетар бу. Амма ладогІалаш Везачу Элера болчу хааме, Мисар-махкахь мел бехаш болу яхІудхой: ‘Сайн сийлахьчу цІарах Ас чІагІо йо, – боху Везачу Эло, – массанхьа а Мисар-махкахь вехаш волчу цхьана а яхІудхочо кхин цкъа а Сан цІарах чІагІо йийр яц, ‹Дийна волчу Хьалдолчу Элах чІагІо йо ас› – бохуш
Выбор основного перевода