Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элан цІа чуьра а, паччахьан цІера а хазнаш чохь дисина долу дерриг дети а, деши а, схьа а эцна, иза шен ялхойн кара дІаделира Аса-паччахьо. ТІаккха цаьрга и дерриг дети а, деши а дІадахьийтира цо Хьезиюнан кІентан ТІабримунан кІант волчу Бен-Хьадиде. Бен-Хьадид Дамасакх-гІалахь Іаш волу Арам-мехкан паччахь вара. Аса-паччахьо цаьргахула хаам бира: «Барт бойла суна а, хьуна а юкъахь, сан дена а, хьан дена а юкъахь ма-хиллара. Аса совгІатна дети а, деши а доуьйту хьуна. Ахьа хьайна а, исраилхойн паччахь волчу БаІшина а юкъахь болу барт бохабе, иза суна тІегІоьртина волчуьра дІавалийтархьама». Аса-паччахьо бохучуьнга ладуьйгІира Бен-Хьадида. Цо шен тІеман хьаькамаш бахийтира Исраил-мехкан гІаланашна тІелата. Бен-Хьадид-паччахьо толам баьккхира Іаюн а, Дан а, Абал-Байт-МаІак а гІаланашна а, берриг Наптал-махкана а тІехь, шена чу Канарот-мохк а богІуш. Арам-махкарчу паччахьо Бен-Хьадида шен дерриг эскар схьагулдира. Цуьнца цхьаьна шайн говрашца а, гІудалкхашца а ткъе шийтта паччахь а волуш, Бен-Хьадид-паччахь, Шамран-гІалина тІе а вахана, цунна го а бина, гІалина тІелетира. Нагахь санна шу, шоьтан дийнахь Ярушалайман кевнаш чухула маххьаш чу а кхоьхьуш, и де Суна лерина а ца хуьлуьйтуш, аша Соьга ла ца догІахь, Аса Ярушалайман кевнашкахь цІе латор ю. Аса кху гІалахь мел йолу гІепаш ягийна дІайохур ю, ткъа цхьаннен а иза дІаяйа йиш хир яц’“». Набухди-Нецара мисархойн деланийн цІеношкахь цІе латор ю, цигара цІуш я багор бу, я йийсаре дІабуьгур бу. ЖаІуьно шен бедар мезех цІан ма-ярра, Мисар-мохк цІанбийр бу цо, цул тІаьхьа маьрша цигара ара а вер ву. Иштта боху Везачу Эло: «Дамасакхан бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хІунда аьлча цара ГалІад-гІала аьчка гІирсаца эрина. Хьазиал-паччахьан цІенна тІе цІе хоьцур ю Ас, Бен-Хьадидан гІепаш а ягор ю цу цІеро. Дамасакхан кевнаш а дохор ду Ас, Авайн-тогІин бахархой а хІаллакбийр бу, Байт-Іедан цІийнера олаллин гІаж шен карахь йолуш верг а вуьйр ву. Ткъа арамхойн халкъ Кхир-кІошта йийсаре дІагІур ду», – боху Везачу Эло.
Выбор основного перевода