Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЛадогІал, латта! Аса ЯхІудан халкъана тІе боккха бала боуьйтур бу. Ткъа и бала цара йина ойланаш бахьана долуш хир бу, хІунда аьлча цара Аса аьллачуьнга тидам а ца бира, ткъа Сан товрат-хьехам дІа а теттира. Шун хьекъалчаш юьхьІаьржачу а хІуьттур бу, уьш карзахбаьхна а, гуро лаьцча санна а хир бу. Везачу Элан дешнаш цара юхатеттина хилча, мичара хир ду цаьргахь хьекъал? Аса уьш кхечу къаьмнашна юкъахь дІасабаржор бу, я царна а, я церан дайшна а девзаш хилла доцучу къаьмнашна юккъехь Іойтур бу. Ас Сайн тур царна тІехьажор ду, царна дан дезарг Айса чекхдаккхалц». ЮьхьІаьржачу хІиттабехьа сан мостагІий, ткъа со юьхькІайчохь хилийтахьа. Човхабехьа уьш, ткъа со паргІат хилийтахьа. Царна тІе бохаман де тІедаийтахьа, уьш кхоччуш хІаллакбехьа. Везачу Элан оьгІазалла дІаер яц, Цо дан мел леринарг чекхдаккхалц. ТІедогІуш долчу деношкахь шу цунах кхетар ду.
Выбор основного перевода