Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЦІаданхойн Іаштарт цІе йолчу далла а, МилкІом цІе йолчу чІогІа боьхачу Іамминхойн далла а тІевирзира Сулим-паччахь. Иза Ас дийр ду, Сулим-паччахь, Ас бохучунна тІера дІа а ваьлла, цІаданхойн цІу-далла Іаштартана а, муабахойн цІу-далла Камошна а, Іамминхойн цІу-далла МилкІомна а Іибадат дан волавелла дела. Иза, Сан некъа тІера дІа а ваьлла, Сан хьехамаш ца лоруш, Сан весеташ кхочуш ца деш дІахІоьттина. Цу гІуллакхашна тІехь Сулим-паччахь шен дех Даудах ца тарвелира. «Адаман кІант, Соьгара хаам бе нахе. ДІаала цаьрга: „Хьалдолчу Эло иштта боху Іамминхошка, исраилхойх ца бешаш болчу: ‘Туьре хьажал! И тур баттара даьккхина ду, заьнгала дина а ду адамаш хІаллакдархьама а, стелахаьштиг санна, къагийтархьама а. «Адаман кІант! Іамминхойн къомана дуьхьал вист а хилий, Соьгара болу хаам бе цуьнга. ДІаала Іамминхошка: „ЛадогІа Хьалдолчу Элан даше. Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Аша сакъералуш: ‹Жолам-яІ›, – олура, Сан еза меттиг сийсазъяьккхича, шу Исраилан махках доьлура, иза бассийначу хенахь, шу ЯхІудан халкъах кхаьрдара, иза йийсаре дІадуьгучу хенахь. Иштта боху Везачу Эло: «Іамминхоша юх-юха деш долу зуламаш дуьтур дац Ас бекхам ца беш, хІунда аьлча цара берах болу зударий цистина ГалІадехь, шайн латтанийн доза шордархьама. Ас цІе хьажор ю Рабба-гІалин пенашна тІе. Цо хІаллакйийр ю гІалин гІепаш: тІом дІабоьдучу дийнахь – маьхьаршца, йилбазмох болчу дийнахь – йилбазмехаца. Везачу Эло боху: «Суна схьахезна муабахоша сийсаздар а, Іамминхойн лер а. Суна схьахезна царна Сан халкъ дола хетар а, Сан халкъан махка чугІорта гІерташ цара дозалла дар а. Дийна волчу Сайх чІагІо йо Ас, – боху Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло, – Муаби-мохк, Седам-гІала санна, хир бу, ткъа Іамминхой, Іамор-гІала санна, хир бу. Церан латта шена тІехь туьхан оьрнаш долу а, ниттийн долахь йолу а яьсса аре хир ю гуттаренна а. Сан халкъах бисинчара оцу нахах шайна хІонс схьаоьцур ю, ткъа церан латта Сан долчу халкъах дийна бисинчарна кхочур ду».
Выбор основного перевода