Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Къаьмнаша исраилхошна гІо а дийр ду, шайн меттиге юха а балор бу. Исраилан тІаьхьено кхечу къаьмнех болчу нехан дола дийр ду, уьш Везачу Элан лаьтта тІехь, леш а, гІарбашаш а санна хир бу. Шаьш йийсаре лаьцначарна хІинца йийсар дийр ду исраилхоша, шайна гІело йиначарна тІехь цара хІинца олалла дийр ду. «Сан кийра! Богуш бу сан кийра! Дог лазадоккхуш боккха бала бу соьгахь. Вист ца хуьлуш ца Іало со, хІунда аьлча суна коьман маІа хезна, тІеман маьхьарий суна ма хезна. Тур схьадогІуш болчу некъийн сурт дилла. Цхьа некъ Іамминхойн Рабба-гІала боьдуш бу, ткъа важа некъ ЯхІуд-махкарчу чІагІйинчу Ярушалайме боьдуш бу. Ас цІе хьажор ю Рабба-гІалин пенашна тІе. Цо хІаллакйийр ю гІалин гІепаш: тІом дІабоьдучу дийнахь – маьхьаршца, йилбазмох болчу дийнахь – йилбазмехаца. Цу гІалин паччахь а вуьгур ву йийсаре, цуьнца цхьаьна цуьнан лоруш болу нах а буьгур бу», – боху Везачу Эло. Везачу Эло боху: «Суна схьахезна муабахоша сийсаздар а, Іамминхойн лер а. Суна схьахезна царна Сан халкъ дола хетар а, Сан халкъан махка чугІорта гІерташ цара дозалла дар а. Дийна волчу Сайх чІагІо йо Ас, – боху Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло, – Муаби-мохк, Седам-гІала санна, хир бу, ткъа Іамминхой, Іамор-гІала санна, хир бу. Церан латта шена тІехь туьхан оьрнаш долу а, ниттийн долахь йолу а яьсса аре хир ю гуттаренна а. Сан халкъах бисинчара оцу нахах шайна хІонс схьаоьцур ю, ткъа церан латта Сан долчу халкъах дийна бисинчарна кхочур ду». Иза царна хир ду церан куралла бахьана долуш – массо а ницкъийн Везачу Элан халкъ царна дола хетарна а, оцу халкъах уьш кхардарна а. Везачу Эло уьш ларамах бузуьйтур бу, лаьтта тІехь мел болу деланаш Ша хІаллакбечу хенахь. ХІораммо а шен-шен меттехь Цунна Іибадат дийр ду, ур-атталла хІордан йистехь дехаш долчу къаьмнаша а.
Выбор основного перевода