Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Геннара, дуьненан йистера, халкъ тІехоьцур ду шуна Везачу Эло. Аьрзу санна, тІелеттачу цу халкъан мотт хуур бац шуна. ЯхІуд-махкахула дІа а дахана, иза хьала а буьзна, лаккха хьаладер ду иза, лога кІел кхаччалц. Іимануал, Хьан латта мел ду дІасадаьржар ду иза, дІасадахийтинчу тІемашца санна!» Хьажал, хьала а даьлла, стигалара тІедеанчу аьрзуно санна, мостагІаша шайн тІемаш дІасадохуьйтур ду Бацар-гІалина тІехула. Эдомхойн тІемалойн дегнаш оцу дийнахь берах хьийзочу зудчун санна хир ду». Ала цаьрга: „Хьалдолчу Эло боху хІара: ‘Нуьцкъала тІемаш а, месала а, бес-бесара деха пелагаш а долчу доккхачу аьрзуно, Ливанун-лаьмнашка а деана, баганан диттан бохь схьабаьккхира. Хьалхарниг лом санна дара, амма аьрзунан санна тІемаш дара цуьнан. Со хьийжира цуьнга, цуьнан тІемаш схьа а даьхна, иза лаьттара хьалаайалц. И экха, адам санна, ирахІоттийра. Цул тІаьхьа цунна адаман кхетам белира. «Орца даккха, хьайн бете коьман маІа схьа а лаций! Аьрзу санна, мостагІий Везачу Элан халкъана тІелета, хІунда аьлча Соьца бина барт бохийра цара, Аса бинчу товрат-хьехамашна дуьхьалбевлла уьш. Церан говраш цІоькъабергел сиха ю, уьш буьйсанна лелачу берзалойл а луьра ю. Церан береш схьахахкабевлла богІу, церан дошлой геннара схьабогІу. Ижуна тІекхета аьрзу санна, тІемабевлла схьабогІу уьш.
Выбор основного перевода