Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилхоша муабахойн гІаланаш хІаллакйира. Аренгара тоьллачу дакъошна тІе, хІораммо а цхьацца тІулг а кхоьссина, уьш ца мегачу дехира цара. Дерриге а хьостанаш лакъийра цара. Тоьлла долу дитташ а дІахедийра. Цхьа Кхир-Хьарсат-гІала бен дийна ца йиснера. Амма ширдолаг кхуьссурш, гІалина го а бина, цунна а тІелетира. Муабих дог доьлху сан. Цу махкара уьдуш бу нах ЦІоІар-гІала а, ІагІлат-Шалши олучу метте а кхаччалц. Лухьайт цІе йолчу метте хьалабовлу уьш белхарца, Хьоронайме боьдучу новкъахь чІогІа белхар хІоттадо цара. Цундела муабахой боьлхур бу, цара массара а Муабин къомах белхар дийр ду. Кхир-Хьарсат-гІалара Іаьвдинчу кемсийн курсаш дага а оьхуш, аша узарш а дийр ду, шу дог доьхна а хир ду. Цундела мерзаша роггІана дагадо пІелгаш санна, багабо сан кийра, Муабих къахеташ. Кхир-Хьарасах дог а лозу сан.
Выбор основного перевода