Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара олу: «Даха а гІой, церан къам хІаллакде вай, кхин цкъа а Исраилан халкъан цІе дага ца яийтархьама». хІунда аьлча Араман олахо Дамасакх-гІала ю, ткъа Дамасакхан олахо Рицан бен вац. Кхин кхузткъе пхи шо даьлча, эпраймхой, шаьш бохийна хиларна, кхин къам хир дац. Мила ву ахь емалвинарг а, сийсазвинарг а? Хьанна дуьхьал аз айдина ахь, Хьанах ца вешаш хьайн бІаьргаш хьалаайина? Исраилан Везачу Далла иштта дуьхьалваьлла-кх хьо! Муабин къоман кхин сийлалла хир дац. Хьешбонехь цунна дуьхьалдаккха зулам кечдеш бу: „Дуьйло, хІаллакдийр ду вай и къам“, – бохуш. Хьо а, Мадмон-гІала, дІатийна хир ю, тур хьуна тІаьхьадаьлла лелар ду. Вахон малар мала Муабин къомо, хІунда аьлча ша Везачу Элал а лекха хетара цунна. Иза шен Іетторашна юкъахь керчар ду, шех нах а бийлош.
Выбор основного перевода