Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нах шайн делан цІа а, Дибон-гІала а йолчу богІу, уьш сагІа доккхучу гунашна тІе хьалабовлу, цигахь белхархьама. Муабин халкъо тийжам бо Набу а, Мейдеба а гІаланех. Церан массеран а кортош дІалергина ду, массеран а мажош дІаяьшна ю. Муабин урамашкахь нах сингаттаман духар дуьйхина бу. Тхевнаш тІехь а, майданашкахь а дерриг а адам доьлхуш а, бІаьрхих дуьзна а ду. Шайн сингаттам а гойтуш, Іази-гІаларчу наха шайн кортош дІадошур ду, Ашкхилун-гІалара нах бист ца хуьлуш хир бу. ПІелаштамхойх дийна мел диснарш, дукха хир ду шу, шайн догІмаш а хедош, шайгара боккха сингаттам гайтархьама? qac Кqac*ъаной ма бу бист ца хуьлуш хевшина, Цийонан йоІан къаной лаьтта тІе охьахевшина. Цара шайн кортошна тІе ченаш а ма тийсина. Сингаттаман бедарш цара догІмаш тІе а юьйхина. Ярушалайман йоІарша а, гІайгІанехь дІа а хІиттина, халахетарца кортош шайн охьадахийтина. Цара шайна тІе сингаттаман духар духур ду, церан массеран а дагахь кхерам хир бу, хІораннан а юьхь тІехь юьхьІаьржачу хІоттар а хир ду, цара массара а шайн кортош дошур ду.
Выбор основного перевода