Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯхІу-Яхин цІе йолу хІара стаг йохийна кхаба санна я цхьанна а ца оьшу кхаба санна ву те? ХІунда лаьллина те иза шен доьзалца царна бевзаш а боцучу хийрачу махка дІа? Ткъа шу, церан Іуй, узарш а деш, делха! Шайн лазарш бахьана долуш лаьттахь керча! ГІайгІанаш а еш, лаьттахь керча! Шу дайа деза йолу хан тІекхаьчна. Кегйина еза пхьегІа санна, шу дІасакхиссина а, охьаэгна а Іохкуш хир ду. «Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара тхо, дІа а кхаьллина, дакъадаллалц хуьйдина. Цо тхо яьсса пхьегІа санна дІахІиттийра. Саьрмико санна, цо тхо, дІа а кхаьллина, тхан уггар дикачух шен кийра бузийра, ткъа йисинарг дІакхоьссира.
Выбор основного перевода