Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цундела ас элира: «Кхокханан санна долу тІемаш суна хьан лур дара? Со, тІема а ваьлла, паргІатвер вара. Со, генна дІа а вахана, яьссачу аренгахь вуьсур вара. Ломан чІожана чохь болу сан кхокха, тархашна юкъахь хьулъелла йолу хьо, гайтахьа суна хьайн юьхь, хьайн аз хазийтахьа суна, хІунда аьлча хаза ду хьан аз, юьхь а ю хьан исбаьхьа. Кхидолчу къаьмнашна кхерам тийсарх а, хьайн деган кураллах а хьо Іеха ма делла. Тархийн чІажашкахь а, лаьмнийн баххьашна тІехь а хьо Іаш ду, амма хьан цІенош аьрзунийн бенашка кхоччуш лекха хилча а, цигара дІа а хьо охьадуссуьйтур дара Аса», – боху Везачу Эло.
Выбор основного перевода