Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІинца, ваха а гІой, Іамалекхана тІелата, цуьнан мел долу хІума, къинхетам ца беш, хІаллакде. Массо а ве: зударий, божарий, бераш, декхаш долу бераш. Дерриг: етт, сту, уьстагІ, эмкал, вир – ша мел долу хІума, дей, дІадаккха“». Амма Шаула а, цуьнан эскаро а АгІагах къинхетам бира, дико долу уьстагІий а, стерчий а, дерстана долу эсий а, Іахарий а дитира, иштта дика мел долу хІума а, доха ца деш Іаддитира, ткъа оьшуш мел доцу хІума дохийна дІадаьккхира. «Со чІогІа дохковаьлла Айса Шаул паччахь вина дІахІотторах. Сох дІа а вирзина, Сан дош цо кхочуш ца дина». Иза шена хиъча, Шамъал чІогІа оьгІазвахара. Буьйса, Везачу Эле кхойкхуш, яьккхира цо. Пайхамаро элира цуьнга: «Иштта боху Везачу Эло: „Аса хІаллакьхила веза аьлла волу стаг ахьа дІахецна, цундела хьан са цуьнан синан метта а хир ду, ткъа хьан халкъ цуьнан халкъан метта а хир ду“». Цаьрга дІаала: „Иштта боху Исраилан Везачу Дала: хІокху бертан тІедожоршка ла ца доьгІначу хІора стагана неІалт хир ду. „Мел лелар ду хьо, Везачу Элан тур, саццаза таІзар деш? – боху аша. – Юхадерзахьа хьайн батта чу, сацахьа, меттадолахьа“. Амма иза муха соцур ду, нагахь шега Везачу Эло омра дича? Ашкхилун-гІалина а, хІордан йистана а, тІелата омра дина Везачу Эло». Сан хьоме динан вежарий! ЧІагІлой а хилалаш, меттах ца довлуш а латталаш. Шаьш Везачу Элана лерина деш долчу гІуллакхех дуьззина хилалаш, хІунда аьлча шуна хаьа, шаьш Везачу Элаца доьзна долу дела, аша мел деш долу гІуллакх эрна довр доцийла.
Выбор основного перевода