Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Эмархойн паччахьна Сихьонна тІе нах бахийтира исраилхоша дехар эцна: Хьешбон эмархойн паччахьан Сихьонан гІала яра. Муабахойн хьалха хиллачу паччахьца тІом а бина, Арнонна тІекхаччалц цуьнгара мохк схьабаьккхинера Сихьона. Сихьонан гІалара Хьешбонера схьаяьлла цІе массанхьахула а чекхъелира. Цо ягийра Муабин Іар-гІала, Арнон-хина тІехулара гунаш а дагийра. Къа ду хьан, Муаби-мохк! Камош-цІун халкъ, хІаллакьхили хьо! Цо шен кІентех дІасабевддарш хилийти, йоІарий эмархойн паччахьо Сихьона йийсаре биги. Суна иза го, амма иза хІинцца дац. Со цуьнга хьоьжу, амма иза гергга вац. Цхьа Седа хьалабер бу Якъубан тІаьхьенах. Паччахь вогІур ву Исраилан халкъана юкъара. Цо муабахойн бІаьштигаш а отур ю, ШатІин ерриге тІаьхье а хьоьшур ю. Муабин къоман кхин сийлалла хир дац. Хьешбонехь цунна дуьхьалдаккха зулам кечдеш бу: „Дуьйло, хІаллакдийр ду вай и къам“, – бохуш. Хьо а, Мадмон-гІала, дІатийна хир ю, тур хьуна тІаьхьадаьлла лелар ду.
Выбор основного перевода