Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Чу а йоссий, чена тІе охьахаа, йоІстаг санна йолу Бавел-гІала. Олаллин гІантан метта, лаьтта тІе хаа, хашадхойн йоІ санна йолу гІала. Хьох кхин цкъа а эр дац ховханиг а, экамниг а. Мисар-махкара бахархой, шайн массо а хІума схьагулде, йийсаре даха кечам бе, хІунда аьлча Нуп-гІала ерриг а яссор ю, цхьа а стаг шена чохь ца вехаш ерриг а йохийна хир ю. ХІора гІали чу хІаллакдеш верг вогІур ву, цу гІаланех цхьа а йоха ца еш а юьсур яц. ТогІеш а хІаллакьхир ю, шера аренаш а яссалур ю. Дерриг а Везачу Эло ма-аллара хир ду.
Выбор основного перевода