Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нах шайн делан цІа а, Дибон-гІала а йолчу богІу, уьш сагІа доккхучу гунашна тІе хьалабовлу, цигахь белхархьама. Муабин халкъо тийжам бо Набу а, Мейдеба а гІаланех. Церан массеран а кортош дІалергина ду, массеран а мажош дІаяьшна ю. СагІа доккхучу шайн гуна тІе хьала а бовлуш, муабахоша шаьш кІадбахь а, шайн деланийн цІенна тІе а баьхкина, шаьш доІанаш дахь а, гІуллакх хир дац. Къоланаш а деш, нах а бойуш, нахаца а лелаш, харц йолу чІагІо а еш, хьалххе шайна бевзина боцучу БаІална а, кхечу харцделанашна а суждане а оьхуш, лелаш ма ду шу. Хьайн гІаланаш мел ю, деланаш а бу хьан, ЯхІудан халкъ, ткъа Ярушалаймехь хьан урамаш мел ду, дегаза харцдела волчу оцу БаІална сагІа доккху меттигаш кечйина ахь“.
Выбор основного перевода