Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара шайн меттанашца шаьш хІаллакбийр бу. Уьш гуш мел волчо кхардамца кортош лестор ду. «Къола дечохь схьалаьцначу къуьнна эхь хетийтаре терра, юьхьІаьржачу хІоьттина Исраилан тІаьхье – къам а, паччахьаш а, баьччанаш а, церан динан дай а, пайхамарш а. Сан халкъан мохк бассийна хир бу, гуттаренна а цунах кхаьрдар бу. Махка тІехула лелаш мел верг, инзар а ваьлла, корта лестош хир ву. qac Пqac*е а бетташ, гІалина уллохула мел лелачу наха хІинца куьйгаш шайн вовшах ма детта. Кортош а лестош, цара шакарш етта. Ярушалаймах лаьцна цара иштта хоьтту: «Шех хазаллин кхачамалла ду аьлла йолу гІала хІара ю те? Шех хазахетаран бохь бу аьлла гІала хІара ю те?» Хьалдолчу Эло иштта боху: «Муаби-къомо а, СеІир-къомо а дуьйцура: „ЯхІудан къам кхидолу къаьмнаш санна ду“, – бохуш. Везачу Эло боху: «Суна схьахезна муабахоша сийсаздар а, Іамминхойн лер а. Суна схьахезна царна Сан халкъ дола хетар а, Сан халкъан махка чугІорта гІерташ цара дозалла дар а. Юххехула чекхбовлучара вон баганаш етташ, кортош лестош,
Выбор основного перевода