Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Муабих дог доьлху сан. Цу махкара уьдуш бу нах ЦІоІар-гІала а, ІагІлат-Шалши олучу метте а кхаччалц. Лухьайт цІе йолчу метте хьалабовлу уьш белхарца, Хьоронайме боьдучу новкъахь чІогІа белхар хІоттадо цара. Лухьайте хьалаболучу новкъахь адамаш ца совцуш доьлхуш ду. Хьоронайм тІера боьдучу новкъахь гІайгІане маьхьарий ду хезаш мостагІаша дохор бахьана долуш. Доьлхуш ду Хьешбонера а, ЭлиІалера а адам, церан белхар ЯхІац-гІала кхаччалц дІахезаш ду, иштта ЦІоІар-гІала дуьйна Хьоронайм-гІала а, ІагІлат-Шалши а дІахезаш ду иза. Нимраймара хи а дІасецна.
Выбор основного перевода