Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Арнон-тогІина йистехь йолчу ІаруІер-гІалина тІера цу тогІина чохь йолчу гІалина тІекхаччалц долу латта а, Мейдебана тІера Дибонна тІекхаччалц йолу шера аре а церан яра. Хьешбон а, шерачу арахь йолу ерриг цуьнан гІаланаш а: Дибон а, Бамот-БаІал а, Байт-БаІал-МеІон а, Цул сов, шерачу арахь йолу ерриг гІаланаш а, Хьешбонехь олалла динчу эмархойн паччахьан Сихьонан берриг мохк а. Мусас хІаллаквинера и паччахь а, маданхойн баьччанаш а: Ивай а, Рекхам а, Цура а, Хьор а, РебаІ а. Цу махкахь Іийна болу а, Сихьонца бертахь хилла болу а элий бара уьш. Сан хьоме къам! ТІеюха хьайна сингаттаман бедарш, тІетаса хьайна чимаш. Хьайн цхьаъ бен воцучу кІентан докъана ма-елххара, доггах елха. ЦІеххьана хІаллакдийриг вайна тІелетар ву».
Выбор основного перевода