Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Итт шуьстане цхьана дийнахь ахалучу аренал йолчу кемсийн бешо цхьа черма чагІар бен лур дац. Пхи гали дІадийначу хІуьно цхьа мазал кІа бен лур дац». Токхечу лаьтта тІера самукъадалар а, доккхадедар а дІаэцна, кемсийн бошмашкахь эшарш а ца лоькху, нехан баккхийбер а дац. Муттдоккхургашкахь цхьа а кемсаш хьошуш вац. Везачу Эло ирсе маьхьарий дІасацийна. Якъаелла кемсийн таьлланг, инжиран дитт а маргІалдоьлла. Наран дитт а, хурмин дитт а, Іожан дитт а – дерриге а дитташ дакъаделла аренгахь. Цундела массо а адамийн сакъерадалар а дІадаьлла. ткъа сахь кІа даккха дагахь волу стаг кІен оьланна тІевеача, цунна цигахь итт сахь бен ца карадора. Пхи черма мутта схьаэца дагахь муттдоккхургана тІевеанчунна цу чохь ши черма бен ца карадора.
Выбор основного перевода