Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилан халкъан Везачу Далла соьга элира: «Сан карара хІара оьгІазаллин чагІар чохь долу кад дІа а эций, Аса хьо вохуьйтучу меттехь дехаш долчу массо а халкъашка цу чуьра малийта. ТІаккха Везачу Эло соьга элира: «ДІаала цаьрга иштта: „Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: Сан оьгІазаллин кедара дІа а молуш, даха а дехаш, схьаІеттаде, тІаккха охьа а эгий, кхин хьала а ма гІитта, шайна Аса даийтина долу тур бахьана долуш“.
Выбор основного перевода