Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьазиалан туьрах веддарг ЯхІус воьйтур ву. Ткъа ЯхІун туьрах кІелхьарваьлларг ЭлишаІ-пайхамаро хІаллаквийр ву. Аса бохам бийр бу Іанатот-гІаларчу оцу божаршна, царна бекхам бечу дийнахь. Царах цхьа а стаг дийна вуьсур вац». Цо тІелаьцна балийна болу тІемалой дустийначу эсех тера бу. Уьш шаьш бевдда дІагІур бу, дуьхьаллатта де доцуш, хІунда аьлча церан Іожаллин де тІекхаьчна, царна таІзар хуьлу де ду тІедеанарг. Иза, нагахь цхьаъ, лоьмах а ведда, чена тІе нисвалар, я, шен цІа а веана, куьйгаца пенна тІетевжича, лаьхьано къовзор санна ду.
Выбор основного перевода