Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьешбон а, ЭлиІала а гІаланашкара бахархой боьлхуш бу, церан тийжар ЯхІац-гІалина тІекхаччалц хезаш ду. Оцу бахьаненна Муабин тІемалоша маьхьарий детта – уьш дог доьхна бу. Ткъа хІинца Везачу Эло иштта боху: «ТІелаьцна болх баран шераш юкъа а лоцуш, кхо шо даьлча, Муабин сийлалла дерриг а цуьнан доккхачу халкъаца хІаллакйийр ю. Бисинарш вуно кІезиг а, ницкъ боцуш а хир бу». Со хьалха урс хьакха буьгуш болу жима Іахар санна вара: суна ца хаьара цара сайна дуьхьал лелош дерг. Цара сох лаьцна бохура: «Дитт а, цо кхиийнарг а хІаллакдан деза вай. Дийначеран лаьтта тІера иза дІаваккха веза вай, дуьнен чохь цуьнан цІе кхин ца яккхийта». Делха, Хьешбонан бахархой: хІаллакйина ГІай-гІала. Тийжа, Рабба-гІалин зударий, шайна тІе сингаттаман бедарш а юхий. Белхарца шайн гІалин пенашна юккъехь дІасауьдуш хила, хІунда аьлча мостагІчо МилкІом йийсаре дІавуьгур ву, цуьнан динан дайшца а, элашца а цхьаьна.
Выбор основного перевода