Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьо сашортехь бехачу хенахь, Ас хьоьга дІахьедира, амма ахьа ладугІур дац элира. Хьо къона долчу хенахь дуьйна а ахьа ла ца дугІура Аса бохучуьнга. Веза Эла Якъубан тІаьхьенан сийлалла меттахІотто воллу, Исраилан халкъан сийлалла меттахІоттор ю, бохам бечара церан латта дассийна делахь а, церан кемсийн гаьннаш хІаллакдина делахь а. Оцу заманахь Со, къуьда а лаьцна, Ярушалаймехула хьожуш чекхвер ву. Ас таІзар дийр ду, шаьш летадечух тоам а беш, шайн даг чохь: „Везачу Эло я дика а, я вон а ца до“, – бохучарна. Инзаре йоккхачу дераллица оьгІазвахана Со паргІат дехачу дегалчу халкъашна, хІунда аьлча Сайн халкъана Ас лерина йолу оьгІазло кІезиг хиллехь а, Аса шайгахула таІзар дайтича, цара Суна лиъначул а сов ницкъ бина Сан халкъана’.
Выбор основного перевода