Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шаьш кхоийнарг а, гулдинарг а, схьа а эцна, Акхтаргийн хих дехьадоккху наха. Цундела мерзаша роггІана дагадо пІелгаш санна, багабо сан кийра, Муабих къахеташ. Кхир-Хьарасах дог а лозу сан. «Сан кийра! Богуш бу сан кийра! Дог лазадоккхуш боккха бала бу соьгахь. Вист ца хуьлуш ца Іало со, хІунда аьлча суна коьман маІа хезна, тІеман маьхьарий суна ма хезна. qac Хqac*ьажахьа соьга, Веза Эла, дог доьхна со хиларна, Суна чохь мел йолу хІума егаеш дІахІоьтти. Дог а меттахдаьлла сан, Хьуна ас дуьхьало ярна. Арахьара деанчу туьро сайн берех со яьккхи. ЦІера хьал, ялар санна, ма ду сан хІинца.
Выбор основного перевода