Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Оцу балхо Іадийначу сан дегІан меженаш егош ю, беро хьийзочу зудчун санна, лазарш ду сан. Сайна хезаш долчо синтем байина сан, гуш долчо вохийна со. Хаттар а дай, ойла е: боьршачу стага бер дой? Дера ца до. Иштта хилча, хІунда го Суна хІора боьршачу стеган куьйгаш церан гай тІехь, бер деш йолчу зудчун санна? Церан яххьаш бос байна а хІунда ю? Хьажал, хьала а даьлла, стигалара тІедеанчу аьрзуно санна, мостагІаша шайн тІемаш дІасадохуьйтур ду Бацар-гІалина тІехула. Эдомхойн тІемалойн дегнаш оцу дийнахь берах хьийзочу зудчун санна хир ду». Дамасакх-гІалин бахархой, дог а доьхна, юха а бирзина, бевдда дІабаха кийча бу. Къемат тесна церан дегнашка, гІайгІано а, лазаро а уьш дІалаьцна. Цаьргахь, берах хьийзочу зудчуьнгахь санна, лазарш ду. Стенна хьоькху ахь и шийла мохь? Паччахь вац ткъа хьан? Я хьо цхьа а хьехамча воцуш-м ца йисина, берах хьийзош ерг санна, лазарша сел чІогІа дІалаццал?
Выбор основного перевода