Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча Ахь кагдина дІадаьккхина цунна хало йина долу дукъ а, цуьнан белшаш тІе йиттина Іаса а, цунна ницкъ бинчун гІаж а, маданхойн эскар Ахь эша-ма-дарра. Іесачу паччахьийн олалла гойту гІаж Везачу Эло кагйина. Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «ЛадогІа, тийжаран зударий схьакхайкха, царах уггар говзанаш схьакхайкха, уьш кхуза схьабахкийтархьама». Наха элира: «Сихха схьа а баьхкина, цаьрга вайна тІаьхьа тийжар хІоттадайта, вайн бІаьргийн негІарийн чоьш тІера бІаьрхиш охьаэхийта, юьхь тІера хин тачанаш охьаэхийта». Цийонна тІехь тийжам хеза: «Вай баккъалла а хІаллакьхилла, вай баккъалла а юьхьІаьржачу хІиттина. Вайн мохк бита безаш ду вай, вайн цІенош дохийна дІадаьхна». ЛадогІа, зударий, Везачу Элан даше. Цуьнан багара схьадевлла долу хІара дешнаш шуна дІахозийла: «Шайн зудабераш маьхьаршца делха Іамаде. ХІара тезетан тийжам вовшашна Іамабе:
Выбор основного перевода