Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу паччахьо боху: «Сайн куьйган ницкъаца а, сайн хьекъалца а дина ас иза, хІунда аьлча со хьекъал долуш ву. Ас халкъийн дозанаш дІадаьхна, церан хьал схьадаьккхина. СтаргІано санна аса паччахьаш шайн гІанташ тІера чукхиссина. Сан куьйгаша халкъийн хьал, олхазарийн баннаш санна, схьаэцна. Баннаш чохь дисина хІоаш схьаоьцуш санна, схьаэцна ас дерриг а латта, цхьаммо а тІам меттах а ца баьккхи, я бага а ца гІаттий, я цхьа а гІовгІа а ца йи». Диг ша лелочу стагал тоьлуш хир дуй? Херх ша хьокхучул тоьлуш хир буй? Ша хьалаайинчу стагана тІехь олалла дийр дуй те гІожо? Дечигах бен боцучу хьокхано адам хьалаойур дуй те? Массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло берстинчу тІемалошна тІе хІоралла хоьцур ю. Ашур-мехкан паччахьан сийлаллех цІе латор ю, ткъа и цІе чІогІа йогуш хир ю.
Выбор основного перевода