Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мусас масех стаг вахийтира ЯІзир-гІалахь долчуьнга хьажа. Юха, и гІала а, цунна гонах йолу ярташ а схьа а яьхна, царна чуьра эмархой лаьхкира исраилхоша. Цу таьлланго шен гаьннаш Дуьненаюккъерачу хІордана тІе кхаччалц дІадахийтина, иштта шен синтарш а Эпрат-хина тІе кхаччалц дІадахийтина. Цу хенахь иштта хир ду: Хьешбон-гІалина уллора кхаш дакъалур ду, ткъа Сибма-гІалин кемсийн бошмаш мазакъъевр ю. Кхечу къаьмнийн олахоша бошмийн тоьлла йолу таьллангаш хьоьшур ю. ДІаяханчу хенахь и таьллангаш ЯІзир-гІалина тІекхаччалц яьссачу ара кхочура, кемсийн таьллангаш, дІаса а яьржаш, хІордал дехьайовлуш яра. Цундела со а, ЯІзирера бахархой санна, тийжар ву хІаллакйинчу Сибмерачу кемсийн бошмех. Шуьца хиллачух сайн бІаьрхиш Іенор ду ас, Хьешбон-гІалара а, ЭлиІала-гІалара а бахархой, хІунда аьлча шун кемсаш а, ялта а чудерзош хуьлуш долчу гІовгІанечу самукъадаларан метта тІеман маьхьарий детташ ду.
Выбор основного перевода