Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Четаран лакхахь уллу мІерех дІатаса и кирхьа. Цунна тІехьа дІахІоттаде бартбаран тІорказ. Цу кирхьано еза чоь уггар езачу чоьнах дІакъастор ю. Уггар езачу чохь долчу бартбаран тІорказна тІе негІар дилла. Везачу Элан тІорказ, схьа а деана, Дауда хІоттийначу Делан четар чохь охьадиллира. Везачу Элана хьалха Дауда дийнаташ дагоран а, бертан а сагІанаш дехира. ЦІийнан тІехьа агІор, йистера ткъа дол барамехь дІахилош, оганаш а хІиттийна, чоь йира, цуьнан пенех а, тхевнах а баганан диттийн ханнаш туьйхира. Иза уггар еза чоь яра. Везачу Элаца бина барт дагабоуьйтуш долу тІорказ чудиллархьама, йинера и уггар еза чухулара чоь. ЦІийнан чухула йинчу сийлаллин-езачу чохь дІахІиттийра оцу каруб-маликийн суьрташ. Церан тІемаш дІасадаьржина дара. Цхьаннан тІам цхьана пенах хьакхалора, ткъа вукхун тІам дуьхьал болчу пенах хьакхалора. Ткъа важа чухула долу тІемаш чоьнан юккъехь вовшех хьакхалора. Стигалшкара Делан цІа дІаделладелира. Цу чохь Цуьнца бинчу бертан деза тІорказ дара гуш. ТІаккха ткъес а туьйхира, аьзнаш а девлира, стигал а къийкъира, мохк а бегийра, йоккха къора а туьйхира.
Выбор основного перевода