Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Сулима элира: «Везачу Эло Шен боданехь Іан лаам бу аьллера. Ткъа аса Хьуна исбаьхьа цІа дІахІоттийна, Хьо цу чохь абаденналц вахийта». Дерриг а Исраилан халкъ дара цигахь лаьтташ. Халкъехьа а вирзина, Сулим-паччахьо декъалдира иза. ТІаккха паччахьо элира: «Декъала ву Исраилан халкъан Веза Дела, сан дена Даудана, Ша делла дош Шен куьйгаца кхочушдина Волу! Цо аьллера сан дега: „Мисар-махкара Сайн халкъ Айса арадаьккхичхьана дуьйна схьа, Исраилан тайпанийн мехкашкара цхьа а гІала ца къастийра Аса, Сан цІе язъян лерина цІа хилийтархьама. Я цхьа а адам ца хаьржира Аса, Сайн Исраилан халкъана тІехь баьчча хилийта. Ткъа хІинца Ярушалайм-гІала схьахаьржина Аса, Сайн цІе язъян лерина цІа цигахь хилийта, ткъа Дауд хаьржина Аса, Сайн Исраилан халкъана тІехь олалла дайта“. Сан дена Даудана чІогІа лиира Исраилан халкъан Везачу Делан цІе язъян лерина долу цІа дІахІотто. Амма Везачу Эло аьллера сан дега Дауде: „Суна хаьа, Сан цІе язъян лерина долу цІа хІоттадан хьан чІогІа лаам хилар. Хьуна и лаар дика ду. Амма хьо вац Аса и цІа дІахІотто хаьржинарг. Хьох ваьлла волчу хьан кІанта дийр ду Сан цІе язъян лерина долу цІа“. Иштта Везачу Эло Ша делла дош кхочушдира. Сан ден метта Исраил-мехкан паччахьан гІанта тІе хиира со, хІинца со паччахь а ву, Везачу Эло ма-аллара. Аса Исраилан халкъан Везачу Делан цІе язъян лерина долу цІа а дІахІоттийна. Везачу Эло Исраилан халкъаца бина барт тІеязбина йолу тІулгийн экъанаш шена чохь Іуьллу тІорказ цу цІа чу охьадиллина аса». ТІаккха, Везачу Элан сагІа доккхучу кхерчана хьалха дІа а хІоьттина, гулделлачу массо а Исраилан халкъана хьалха Сулим-паччахьо шен куьйгаш хьалаайира. Кертана юккъехь хьалаайаелла йолу цІестан лакхе яйтинера Сулима. Цуьнан яхалла а, шоралла а пхиппа дол яра, ткъа лакхалла кхо дол яра. Сулима, цу тІе а ваьлла, схьагулбеллачу массо а исраилхошна хьалха гора а вахана, шен куьйгаш стигала хьалакховдийра. Цо элира: «Ва Исраилан халкъан Веза Дела! Я стигалахь, я лаьттахь вац Хьох тера волу Дела. Вайна юкъахь болу барт лар а беш, цунна Хьо тешаме хуьлу доггах Хьайна тІаьхьахІиттинчу Хьайн лешна. Ахь кхочушдина Хьайн лай волчу сан дена Даудана Айхьа делла дош. Ахьа иза Хьайн багара даьккхинера, ткъа тахана Хьайн куьйгаца кхочушдина. Ткъа хІинца, Исраилан халкъан Веза Дела, кхочушдехьа Хьайн лай волчу Дауде, сан дега, Айхьа аьлларг: „Нагахь хьан тІаьхьенах болчара, хьо Суна хьалха ма-леллара, товрат-хьехамца а лелаш, шайн некъаш тешаме хиларца лардахь, даим а хьан тІаьхьенах хир волчу цхьаццаммо паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тІехь“. Ткъа хІинца, Исраилан халкъан Веза Дела, бакъ хуьлийла Ахьа сан дена делла долу Хьан дош. Амма бакъдерг аьлча, Делан Іойла а дуй ткъа адамашца кху лаьттахь? Стигала а, я стигалан лакхенашка а ца тарлуш волу Хьо, хІокху ас дІахІоттийначу Хьан цІа чу-м тарлойла а дац. Делахь а, дІахозийла Хьуна сан доІа а, Хьан лай волчу сан дехар а, ва сан Веза Дела! Тергам бойла Ахьа, Хьайга дехарш деш кхойкхуш волчу Хьайн лен кхайкхаман а, доІанан а. Ахьа Хьайн цІе кху чохь хир ю аьллачу хІокху цІенна тІе боьгІна хуьлийла Хьан бІаьргаш дийнахь а, буса а! ЛадугІийла Ахьа Хьан лай волчун доІане, иза, хІокху меттехьа а вирзина, Хьоьга кхойкхучу хенахь. ДІахозийла Хьуна Хьайн лай волчун доІанаш а, Хьайн Исраилан халкъан доІанаш а, цара, хІокху меттехьа а бирзина, Хьайга доІа дечу хенахь. Хьо стигалшкахь Іаш ву, ткъа оха доьху Хьоьга, цигахь тхан доІа дІа а хазий, гечдехьа тхуна. Масала, нагахь цхьа стаг вукхунна хьалха бехке а хилла, иза Хьан сагІа доккхучу кхерчана хьалха дІахІоттавахь, хІокху Хьан цІа чохь, ша бехке вац аьлла, цуьнга дуй баийта тарло. ТІаккха стигалахь волчу Ахьа, дІахазий, кхел ехьа Хьайн лешна тІехь, бехке верг жоьпе а озош, цаьргара даьлларг церан шайн кортошна тІе а дожош. Ткъа бехке воцург бехказаваккхахьа, цуьнан бакъ хиларе терра цунна доггІург а деш. Масала, Хьан Исраилан халкъ Хьуна хьалха къилахь хиларна, мостагІчо иза эшор ду. Нагахь и халкъ, Хьоьга кхайкхамаш а беш, кху цІа чохь волчу Хьоьга доІанаш а, дехарш а деш, Хьоьгахьа дерзахь, стигалшкахь церан доІа дІа а хазий, гечдехьа хІокху Хьайн Исраилан халкъан къиношна. Айхьа хьалха царна а, церан дайшна а делла долчу лаьтта тІе уьш юхаберзабехьа. Ткъа, масала, цара Хьуна хьалха къинош летадарна, Ахьа, стигалш дІа а къевлина, догІа доуьйтур дац. Амма, масала, цара, кху меттехьа а бирзина, доІанаш а деш, Хьоьга кхайкхамаш а беш, Ахь шаьш охьатаІийна дела, шаьш летийначу къиношна дохко а бевлла, уьш юха а Хьуна тІеберза тарло. ТІаккха, доьху Хьоьга, стигалшкахь церан доІанаш дІа а хазий, гечдехьа Хьайн лай долчу Исраилан халкъан къиношна. Гайтахьа царна нийса некъ, Ахьа Хьайн халкъана тІаьхьалонна деллачу хІокху Хьайн лаьтта тІе догІа даийтахьа. Нагахь хІокху лаьтта тІе адамашна я мацалла тІеягІахь, я адамаш хІаллакдеш цамгарш кхетахь, я, мел долу хІума дагош, бовха мох балахь, я адамаша дийна долу дерриге ялта а мекхано диъна дІадаккхахь, я цІоз, я нІаьна тІелатахь, я шайн лаьтта тІехь адамаш Іен ца дуьтуш, мостагІий тІегІортахь, я муьлхха а бохам хилахь, я ун кхетахь, тІаккха, нагахь дерриг а Хьан Исраилан халкъана юкъара муьлххачу а адамо, шен лазарш а гина, шех даьллачу къиношна дохко а даьлла, кху Хьан цІенна тІе куьйгаш хьала а айина, Хьоьга доІанаш а, дехарш а дахь, доьху Хьоьга, Хьо Іаш волчу стигалахь, церан доІа дІа а хазий, царна геч а дехьа, гІо а дехьа. ХІора стагана а, цуьнан гІуллакхашка хьаьжжина, цунна доггІург дІалохьа, хІунда аьлча Хьуна цхьанна девза адамийн дегнаш. Дехьа иза массо а адам Хьох кхерийтархьама а, Хьан некъашкахула лелийтархьама а, Ахьа тхан дайшна деллачу кху лаьттахь тхо мел деха. Исраилхой а боцуш, кхин къомах долу адамаш а догІур ду Хьан цІеран дуьхьа. ХІунда аьлча царна а хезар ду Хьан сийлаллин-езачу цІарах лаьцна а, Хьан нуьцкъалаллех лаьцна а, Хьан схьакховдийначу куьйгах лаьцна а. Уьш а богІур бу, кху Хьан цІенна тІе а бирзина, доІанаш дан. ТІаккха, доьху Хьоьга, Хьо Іаш волчу стигалшкахь церан доІанаш дІа а хазий, дехьа цара а Хьайга мел дехнарг, лаьттахь мел долчу къаьмнашна а Хьайн цІе йовзийтархьама а, уьш Хьайх кхерийтархьама а, Хьан Исраилан халкъ санна. ТІаккха массо а меттигашкара дерриг а халкъашна а хуур ду, ас дІахІоттийна хІара цІа Ахь-Айхьа даздина хилар. Наггахь Ахьа Хьайн халкъе омра дийр ду, даха а гІой, шайн мостагІех лата аьлла. Масала, хІокху Ахьа хаьржинчу гІаланехьа а, Хьан цІе язъян лерина дІахІоттийначу цІенна тІе а бирзина, цара Хьоьга доІанаш дахь, доьху Хьоьга, дІахазахьа стигалшкахь церан доІанаш а, церан дехарш а, бакъ а бехьа уьш. Нагахь Хьан халкъо Хьуна хьалха къинош летадахь (ткъа къа ца латош адам дан а дац), тІаккха Ахьа, масала, царна оьгІаз а вахана, уьш мостагІашка эшабойтур бу. Ткъа мостагІаша, царна йийсар а дина, генарчу я юххерчу хийрачу махка дІабига мега уьш. Масала, оцу шаьш йийсаре бигначу мехкашкахь Хьан халкъо, ша летийначу къиношна дохко а даьлла, Хьоьга доІанаш дийр ду. Цу халкъо ала тарло: „Оха къа латийна, тхо нийса дацара, тхо бехке ду“. Ткъа нагахь шаьш йийсаре дигначу оцу мостагІийн махкахь, уьш шайн цІеначу даггара Хьуна тІе а бирзина, Ахьа шайн дайшна деллачу лаьттехьа а, Айхьа хаьржинчу гІалехьа а, Хьан цІе язъян ас дІахІотийначу Хьан цІенна а тІе а бирзина, цара доІанаш дахь, ас доьху Хьоьга, Хьо Іаш волчу стигалшкахь, церан доІанаш дІа а хазий, бакъбехьа уьш. Хьан халкъо Хьуна хьалха летийначу къиношна гечдехьа. Халкъ геннахь лаьтташ дара, ткъа Муса Дела чохь волчу юькъачу мархина гергавеара. Каруб-маликашна тІе а хиъна, тІемавелира Иза, механ тІемаш тІехь дІавахара Иза. Цунна гонах мархаш а, Іаьржа бода а бу. Нийсо а, бакъдерг а Цуьнан Іаршан бух бу.
Выбор основного перевода