Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу дийнахь Везачу Эло Ибрамца барт бира: «Аса хьан тІаьхьенна дІалур ду хІара латта Мисар-мехкан дозанехь долчу хина тІера сийлахьчу Эпрат-хина тІекхаччалц, «ДІаала исраилхошка: „Оццу ворхІалгІачу беттан пхуьйтталгІачу дийнахь дуьйна ворхІ де Везачу Элана лерина хилийта. Адамаш кхалораш кІелахь Іаш долу деза денош де царах. Іацмунера иза дІагІур ду Мисар-мехкан дозанехь долчу хи тІе, цигара Дуьненаюккъера хІорда тІе а кхочуш. ХІор-лома тІера иза Хьамат-Іине кхачийта, Цедад-гІалина тІе а кхачош. Ткъа иштта схьадаккхаза ду гебалхойн латта а, малхбалехьа болу берриг а Ливанун-мохк а, Хьермон-ломан къилбаседехь йолчу БаІал-Гадана тІера Хьамат-Іинна тІекхаччалц болу. Иштта Этаним олучу шеран ворхІалгІачу беттан дезачу деношкахь дерриг а Исраилан халкъ Сулим-паччахь волчу гулделира.
Выбор основного перевода