2
Оцу нехан даьІахкаш дІасаяржийна хир ю малхана а, беттасинна а, стигалан седарчашна а кІелахь. Стигалара и хІуманаш хІокху нахана езара, царна хІокху наха гІуллакх а дора, уьш царна тІаьхьа а лелара, царах уьш дагадовлура, царна Іибадат а дора. Цхьаммо а юха схьагулйийр яц и даьІахкаш, уьш цхьаммо а дІа а юхкур яц. Уьш, лаьттахь Іуьллуш долу кхо санна, цигахь Іохкур ю.