Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло иза дина дуьнен чуьра дерриг а халкъашна Шен ницкъ мел бу хаийтархьама, шу гуттар а шайн Везачу Делах кхоьруш хилийтархьама». Таххана Везачу Эло хьо сан кара схьалур ву, ткъа аса хьо вуьйр ву. Аса хьан корта схьабоккхур бу, ткъа пІелаштамхойн эскархойн декъий стигаларчу олхазаршна а, лаьттахь лелаш долчу акхарошна а дІалур ду. Дерриг а дуьненна дІахуур ду Исраилан махкахь Дела вуйла. Иза ду, Веза Эла бакъволу цхьа Дела вуйла а, кхин Дела воцийла а массо а къаьмнашна хаийтархьама. Ткъа хІинца, тхан Веза Дела, кІелхьардахахьа тхо цу паччахьан куьйгех, тІаккха дуьнен чуьра массо а пачхьалкхашна хуур дара, Веза Эла волу Хьо воцург, кхин Дела воцийла». Хьан леш долчу тхуна цунах дисна тІулгаш а дукхадеза. Цунах йисинчу саьлнийн ченах а тхуна кхоам хета. Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „ТІейогІучу хенахь дуккха а халкъаш а, дукхачу гІаланийн бахархой а Ярушалайм-гІалина тІеоьхур бу. Цхьана гІалин бахархоша, вукху гІалин бахархошна тІе а баьхкина, эр ду: ‘Дуьйло, Веза Эла вайца дика хилар деха а, массо а ницкъийн Веза Эла лаха а гІо вай. Со а воьду цига’, – аьлла. Дуккха а халкъаш а, ницкъ болу къаьмнаш а Ярушалайм-гІалина тІеоьхур ду, массо а ницкъийн Веза Эла лаха а, Цуьнга шайца дика хилар деха а“. Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: „Цу деношкахь иштта хир ду: массо а тайпана меттанашкахь вистхуьлучу кхечу къаьмнех волчу итт стага, куьйгаш а лаьцна, яхІудхочун бедаран юх а лаьцна, иштта бохур ду: ‘Тхо хьоьца дІагІур ду, хІунда аьлча, шуьца Дела ву бохуш, хезна тхуна’“».
Выбор основного перевода