Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа паччахьо а, дерриге халкъо а Везачу Элана сагІа даьккхира. Сулим-паччахьо ткъе ши эзар сту а, бІе ткъа эзар уьстагІ а беара сагІина. Иштта Сулим-паччахьо а, дерриге халкъо а Делан цІа даздира. Динан дай бара шайн декхарш кхочушдеш лаьтташ. Дауд-паччахьо кечбайтинчу зурманийн гІирсашца лаьтташ бара левихой. «Везачу Элан безам цкъа а хедар бац» а бохуш, Везачу Элана хастамаш мосазза бо, Дауд-паччахьо и зурманийн гІирсаш лелабойтура. Левихошна дуьхьал а лаьтташ, динан дайша коьман маІаш лоькхура. Исраил-мехкан дерриге а халкъ лаьтташ дара цигахь. Везачу Элан цІийнан кертара юккъехь йолу меттиг Далла хьалха сийлаллица язйира Сулим-паччахьо, цигахь дийнаташ дагоран а, кІен а сагІанаш дохура, бертан сагІанийн дийнатийн мохь а ягайора. ХІунда аьлча Везачу Элан цІенна хьалхахь лаьтташ болчу сагІа доккхучу йоьзачу кхерчана тІе дерриг а и сагІанаш ца тарлора. Цу хенахь ворхІ дийнахь Сулим-паччахьо а, дерриг а Исраилан халкъо а даздира и деза де. Берриг а исраилхой гулбеллера цигахь, Хьамат-Іинера дуьйна Мисар-мехкан дозанехь долу хина тІекхаччалц. ВорхІ дийнахь Везачу Элана сагІа доккху кхерч а базбира, кхин а ворхІ дийнахь четаршна чохь Іаш долу денош а даздира, ткъа цул тІаьхьа тІедеанчу дийнахь цу денойн даздаран тІаьхье йира. ТІаккха ворхІалгІачу беттан ткъе кхоалгІачу дийнахь паччахьо халкъ шайн цІа дІадахийтира. Халкъан дегнаш хазахетта а, самукъадаьлла а дара, Даудана а, Сулимна а, Шен Исраил-мехкан халкъана а Везачу Эло динчу диканна. Исраилан халкъо хазахетарца даздира Делан цІа къобалдар. Царна юкъахь бара динан дай а, левихой а, иштта йийсарера юха мел бирзинарш а. Делан цІа къобалдечу хенахь цара Далла сагІа доккхуш бІе сту а, ши бІе уьстагІ а, биъ бІе Іахар а балийра. Дерриг а Исраилан халкъо латийначу къинах долу сагІа даккха цара шийтта бож а ялийра – хІора Исраилан тайпанан цІарах – цхьацца бож.
Выбор основного перевода