Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха ерриг а ша дассийна Іиллинчу ханна лаьтто токхуьйтур ду шена дина зен, садаІаран шераш ца даздаран бахьана долуш. Шу шайн мостагІийн махкахь долчу хенахь лаьтто садоІур ду. ДІатесна Іуьллучу ерриг а хенахь лаьтто садоІур ду, шу цунна тІехь Іаш долуш, шена садаІа дІа ца еллачу ханна. Шух дийна бисначеран дегнашка кхерам тосур бу Ас, уьш мостагІийн мехкашкахь Іачу хенахь. Дегочу гІанан гІовгІанах а бовдур бу уьш. Туьрах санна, бовдур бу уьш, охьа а оьгур бу, цхьа а тІаьхьа ца ваьллашшехь. Вовшах тийса а луш, галдевр ду шу туьрах девдча санна, шайна тІаьхьаваьлла цхьа а воццушехь. Шайн мостагІашна дуьхьало ян ницкъ кхочур бац шун. Кхечу къаьмнашна юкъахь Іаш а долуш, дІакхелхар ду шу, шайн мостагІийн лаьтто дІа а кхаьллина. Шух дийна биснарш, шайн а, шайн дайн а харцонаш бахьана долуш, шайн мостагІийн мехкашкахь маргІалбулур бу. Шуна а, шун дайшна а ца девзачу халкъана тІе дуьгур ду Везачу Эло шу а, аш шайна хаьржина паччахь а. Цигахь дечиган а, тІулгийн а цІушна Іамал йийр ю аша. Лаьттан цхьана маьІІера вукху маьІІе кхаччалц, массо а халкъашна юкъахь дІасадоькъур ду шу Везачу Эло. Шайна а, шайн дайшна а ца бевзачу дечиган а, тІулган а цІушна Іамал йийр ю аша. Нагахь Хьан халкъо Хьуна хьалха къинош летадахь (ткъа къа ца латош адам дан а дац), тІаккха Ахьа, масала, царна оьгІаз а вахана, уьш мостагІашка эшабойтур бу. Ткъа мостагІаша, царна йийсар а дина, генарчу я юххерчу хийрачу махка дІабига мега уьш. Хьан эр ду те: «Сан даг чохь со цІена ву, со сайн къинойх цІанвелла»? Массо а хенахь Делан лаамехь а лелаш, цкъа а къа а ца латош волу бакъахьара стаг вац кху дуьненахь. «Оцу хенахь со иштта доІанаш деш вара Везачу Эле: Нагахь санна вай ваьшца къа дац бахахь, тІаккха вай цу дешнашца ваьш Іехадо, вайца билггал долу бакъдерг а дац. Нагахь ваьш летийначу къиношна вай даре дахь, Дала вайн къиношна геч а дийр ду, дерриг а бакъдоцучух вай цІан а дийр ду, хІунда аьлча Иза тешаме а, бакъ а ву. Амма вай ваьш къинош ца летийна бахахь, тІаккха вай Дела харц а во, Цуьнан Дош вайца а дац.
Выбор основного перевода