Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха схьадалаш шайн Везачу Далла Ша Іайтархьама схьахаржор йолчу меттиге ас шайна весет дина долу дерриге а: дийнаташ дагоран шайн сагІанаш а, шайн кхидолу сагІанаш а, шайна йолучу санан уьтталгІа дакъош а, шайн совгІаташ а, иштта шайн Везачу Далла, ваІда а деш, шаьш йинчу чІагІонца къастийна мел дерг а. Везачу Эло Шамъале элира: «Мел хир ву хьо гІайгІане Аса Исраилан махкахь паччахь ца хилийта Сайна уллора дІатеттина волу Шаул бахьана долуш? Хьайн маІа зайтдаьттанах хьала а юзий, Байтлахам-гІала гІо. Аса цигахь вехаш волу Юшай волчу вохуьйту хьо. Цуьнан кІенташна юкъара Аса Сайна паччахь хаьржина». Амма цу буссехь Натига Везачу Элан дош кхечира: «Ваха а гІой, Сан лай волчу Дауде дІаала, Везачу Эло иштта боху алий: „Хьо вуй те Суна чохь Іан цІа ден верг? Исраилхой Мисар-махкара Аса арабаьхначу хенахь дуьйна схьа, таханлера де тІекхаччалц, Со цІа чохь Іийна вац. Ерриг а цу хенахь Со четар чохь Іийра, цхьана меттера вукху метте а вуьйлуш. Исраилан халкъаца Со миччахьахула а лелачу хенахь халкъан тайпанашкара цхьаьнгге а, Сайн Исраилан къомана тІехь Іуналла дан Айса къобалвинчуьнга хаьттиний ткъа Аса: ‘Аша Суна баганан дечигах цІа хІунда ца до?’“ Ткъа хІинца, ваха а гІой, Сан лай волчу Дауде дІаала: „Массо а ницкъийн Везачу Эло хьоьга боху: ‘Аса хьо, уьстагІий дажош волчуьра схьа а валийна, Сайн Исраилан халкъана тІехь баьчча хІоттийна. Аьлла-кх Ахьа: „Сан цІе кху чохь хир ю“. Доьху Хьоьга, хьажадойла Ахьа Хьайн бІаьргаш хІокху цІенна тІе дийнахь а, буса а! ЛадугІийла Ахьа Хьан лай волчун доІане, иза, хІокху меттехьа а вирзина, Хьоьга кхойкхучу хенахь. Исраилан халкъан Везачу Дала ЯхІудан тІаьхье хаьржира, цуьнга Исраилан халкъан шийтта тІаьхьенна тІехь олалла дайтархьама. Оцу тІаьхьенна юкъара сан ден доьзал къастийнера Везачу Эло. Ткъа оцу доьзал юкъара со хаьржира Цо, гуттаренна а Исраил-мехкан паччахь вина дІахІотторхьама. Везачу Элана лиира сох Исраил-мехкан паччахь ван!
Выбор основного перевода