Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«ДІаала исраилхошка: „Оццу ворхІалгІачу беттан пхуьйтталгІачу дийнахь дуьйна ворхІ де Везачу Элана лерина хилийта. Адамаш кхалораш кІелахь Іаш долу деза денош де царах. ТІаккха цу дийнахь Сулим-паччахьо деза де хІоттийра, дерриг а Исраилан халкъо даздира и де. Берриг а исраилхой гулбеллера цигахь, Хьамат цІе йолуш долчу лаьмнийн дехьадовларан меттигера дуьйна Мисар-мехкан дозанехь долу хина тІекхаччалц. Вайн Везачу Далла хьалха и де даздеш бара уьш ворхІ дийнахь, цул тІаьхьа кхин а ворхІ дийнахь цигахь Іийра уьш и де даздеш. Цара даздеш даьхна денош дерриг а дейтта де дара. Цу хенахь ворхІ дийнахь Сулим-паччахьо а, дерриг а Исраилан халкъо а даздира и деза де. Берриг а исраилхой гулбеллера цигахь, Хьамат-Іинера дуьйна Мисар-мехкан дозанехь долу хина тІекхаччалц. ВорхІ дийнахь Везачу Элана сагІа доккху кхерч а базбира, кхин а ворхІ дийнахь четаршна чохь Іаш долу денош а даздира, ткъа цул тІаьхьа тІедеанчу дийнахь цу денойн даздаран тІаьхье йира.
Выбор основного перевода