Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шамъала дерриге а Исраилан халкъе элира: «Шу доггах Везачу Элана тІедерзахь, аша кхечу къаьмнийн деланаш шайн дага чуьра дІабаха беза. Аша Іаштарт цІе йолчу далла бина болу цІуш дІабаха беза. Шайн дегнашца шу Везачу Элана тІедерза, Цунна цхьанна гІуллакх а де. ТІаккха Цо шу пІелаштамхойн баланех кІелхьардохур ду». Шу Соьга кхойкхуш, доІанаш деш, Со волчу догІучу хенахь, Аса шуьга ладугІур ду. Аша Со лохур а ву, Со шуна карор а ву. Нагахь санна аша Со доггах лахахь, Аса шуьга Со каравойтур ву, – боху Везачу Эло. – Аса шун аьтто хилар карладоккхур а ду, массо а халкъашна юккъера, массо а Айса дІалаьхкинчу мехкашкара шу гулдийр ду Аса, – боху Везачу Эло. – Хьалха шаьш йийсаре дІадигначу метте юхадалор ду Аса шу“. Ткъа Даниал, паччахьо и омра чІагІдинийла шена хиъча, шен цІа чу вахара. Цуьнан лакха тІехь йолчу чоьнан кораш Ярушалаймехьа дІадиллина дара. ХІинццалц ша дийнахь кхузза ма-дарра, гора а хІоьттина, шен Далла доІанаш а дина, Цунна хастамаш бира Даниала.
Выбор основного перевода