Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ПирІун волчуьра ара а ваьлла, Везачу Эле куьйгаш кховдийра Мусас. Стигал къекъар а, къора а сецира, лаьтта тІе оьху догІа а дІатийра. Лаьтта гора а хІоьттина, куьйгаш стигала хьала а кховдийна, Везачу Эле доІа деш вара Сулим-паччахь. Шен доІа чекх а даьккхина, Везачу Элан сагІа доккхучу кхерчана уллора дІа а хилла, ТІаккха, Везачу Элан сагІа доккхучу кхерчана хьалха дІа а хІоьттина, гулделлачу массо а Исраилан халкъана хьалха Сулим-паччахьо шен куьйгаш хьалаайира. Кертана юккъехь хьалаайаелла йолу цІестан лакхе яйтинера Сулима. Цуьнан яхалла а, шоралла а пхиппа дол яра, ткъа лакхалла кхо дол яра. Сулима, цу тІе а ваьлла, схьагулбеллачу массо а исраилхошна хьалха гора а вахана, шен куьйгаш стигала хьалакховдийра. Суьйранна сагІа доккху хан тІекхаьчча, со хьалагІаьттира. Сан тІехулара а, чухулара а бедарш этІийна яра. Гора а хІоьттина, аса сайн Везачу Деле куьйгаш дІакховдийра. ДоІанаш а деш, аша куьйгаш кхийдочу хенахь Аса шух Сайн бІаьргаш дІакъовлу, шайн доІанаш аша алсамдаьхча, Суна ца хеза, хІунда аьлча шун куьйгаш цІийх дуьзна ду. Цундела суна лаьа муьлххачу меттехь а доІанаш божарша дойла. Хьалаайинчу куьйгашца доІа деш болу уьш цІена а, Далла тешаме а оьгІазе а боцуш, къийсамаш ца беш а хила беза.
Выбор основного перевода