Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шун чІагІъелла куралла йохор ю Ас, стигало догІанан тІадам а лур бац шуна, латта, тІулг санна, чІагІлур ду шун. ТІаккха Везачу Элан оьгІазалла, яьлла цІе санна, шуна дуьхьал ер ю, Цо стигал дІакъовлур ю, догІа цигара ца даийтархьама. Цундела лаьтто шен ялта лур дац. ТІаккха шун Везачу Эло шуна луш долчу дикачу лаьтта тІехь шу кестта хІаллакьхир ду. Шуна тІехуларчу стигалех цІаста хир ду, бухаларчу лаьттах эчиг хир ду. ДогІанан метта, Везачу Эло чан лур ю шуна, стигалара шуна тІеоьгур ю иза, шу хІаллакьхилла дІадовллалц.
Выбор основного перевода