Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Ваха а гІой, Сан лай волчу Дауде дІаала, Везачу Эло иштта боху алий: „Хьо вуй те Суна чохь Іан цІа ден верг? Цо Суна лерина цІа дийр ду, ткъа Аса иза даим шен паччахьан даржехь чІагІвийр ву. ТІаккха Дауда Натига элира: «Везачу Элана хьалха аса къа латийна». Натас Даудана жоп делира: «Везачу Эло ахьа латийначу къиношна гечдо хьуна. Хьо лийр вац. «Хьуна хууш ду, шен Везачу Делан цІе язъян лерина долу цІа дІахІоттадойла ца хилира сан ден Даудан. ХІунда аьлча цуьнан тІом бан дийзира гобаьккхина долчу халкъашца, Везачу Эло, толам а баккхийтина, мостагІий когаш кІел охьабахккалц. Иштта, хІинца сайн Везачу Делан цІе язъян лерина долу цІа дан сацам бира ас, Везачу Эло сан дега Дауде ма-аллара. Везачу Эло цуьнга аьллера: „Аса хьан метта паччахьан гІанта тІе охьахаор волчу хьан кІанта дІахІоттор ду Сан цІе язъян лерина долу цІа“.
Выбор основного перевода