Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха шайн а, шайн дайн а харцонашна уьш къера хилахь (цара Суна дуьхьал зуламаш дарна а, уьш Суна дуьхьал бовларна а, Хьан лергаш ладугІуш хуьлийла, Хьан бІаьргаш схьабиллина хуьлийла дийнахь а, буса а, Хьайна хьалха Хьан лай долу Исраилан халкъ доьхуш доІа деш волчу Хьайн лай волчу сан доІа дІахазахьа. Исраилхой долчу оха, со а, сан ден доьзал а цу чу а богІуш, Хьуна дуьхьал летийначу къинойх лаьцна мукІарло до аса. Тхайн дайша санна оха къинош летийна. Оха вонаш а дина, Іеса а лелла тхо. Къинош а летадора, харцонаш а лелайора, хьарамдерг а леладора оха. Дуьхьал а девлла, Хьан весеташна а, парзашна а тІерадевллера тхо.
Выбор основного перевода