Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха схьадалаш шайн Везачу Далла Ша Іайтархьама схьахаржор йолчу меттиге ас шайна весет дина долу дерриге а: дийнаташ дагоран шайн сагІанаш а, шайн кхидолу сагІанаш а, шайна йолучу санан уьтталгІа дакъош а, шайн совгІаташ а, иштта шайн Везачу Далла, ваІда а деш, шаьш йинчу чІагІонца къастийна мел дерг а. „Мисар-махкара Сайн Исраилан халкъ Айса арадаьккхичхьана дуьйна схьа, Исраилан тайпанийн мехкашкара цхьа а гІала ца къастийра Аса, Сан цІе язъян лерина цІа хилийтархьама. Амма хІинца Дауд-паччахь хаьржина Ас Сайн Исраилан халкъана тІехь олалла дайта!“ Хуьлийла хьан лергаш а, Хьан бІаьргаш а сема Хьайн лай волчу сан а, Хьайн Исраилан халкъан а доІанашна, уьш Хьайга кхойкхучу хенахь даим а Хьуна дІахазархьама. Везачу Эло элира: «Суна схьахезира хьан доІа а, хьан Соьга долу дехар а. Ахь хІоттийна долу Сан цІа Ас къобалдира, даим а цигахь Сайн цІе язъяйтархьама. Ас иза Іалашдийр ду, даим дагахь а латтор ду. ХІинца дуьйна Сан бІаьргаш а дІадиллина хир ду, Сан лергаш а сема хир ду кху меттехь дечу доІанашна. Хьан лергаш ладугІуш хуьлийла, Хьан бІаьргаш схьабиллина хуьлийла дийнахь а, буса а, Хьайна хьалха Хьан лай долу Исраилан халкъ доьхуш доІа деш волчу Хьайн лай волчу сан доІа дІахазахьа. Исраилхой долчу оха, со а, сан ден доьзал а цу чу а богІуш, Хьуна дуьхьал летийначу къинойх лаьцна мукІарло до аса. Ткъа Даниал, паччахьо и омра чІагІдинийла шена хиъча, шен цІа чу вахара. Цуьнан лакха тІехь йолчу чоьнан кораш Ярушалаймехьа дІадиллина дара. ХІинццалц ша дийнахь кхузза ма-дарра, гора а хІоьттина, шен Далла доІанаш а дина, Цунна хастамаш бира Даниала.
Выбор основного перевода