Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас шуна таІзар дийр ду. Кхерам а, хІоралла а, дагар а хоьцур ду Ас шуна тІе. Цара шун бІаьрса а гІелдийр ду, синош а бІарздийр ду. Аш ялта дІадер эрна хир ду, шун мостагІаша иза дуур долу дела. Бекхам беш долу тур доккхур ду Ас шуна дуьхьал, аш Соьца бина барт бохорна. Нагахь шу шайн гІаланаш чохь шаьш лардайта гуллахь, Ас шуна тІе ун хоьцур ду, тІаккха мостагІийн карагІур ду шу. Дисина напха дІадоккхур ду Ас шуьгара. Итт зуда хир ю шун бепиг цхьана пешахь доттуш. Оза а узуш, лур ду шуна иза. Аша и бепиг дуур ду, амма шу меца дуьсур ду. Шун доладан тІедоьлхуш долчу лаьтта тІера Ша хІаллакдина дІадаххалц, Везачу Эло лен цамгар кхоьтуьйтур ю шуна. Везачу Эло хІоралла а, хорша а, хьу кхетар а, йокъа а, бовха мох а, мекха а хоьцур ю шуна тІе. Цара хьийзор ду шу хІаллакьхиллалц. Шуна тІехуларчу стигалех цІаста хир ду, бухаларчу лаьттах эчиг хир ду. Дуккха а ялта дІадуьйр ду аша, амма кІезиг гулдийр ду, хІунда аьлча цІазо дуур ду иза. Кемсаш, дІа а йийна, лелор ю аша, амма царах даьлла долу чагІар а мер дац, кенаш а гулдийр дац, хІунда аьлча нІаьно дІадуур ду уьш. Зайт-диттан стоьмаш хир бу шун лаьтта тІехь, амма даьтта хир дац шун, хІунда аьлча хенал хьалха охьаоьгур бу и стоьмаш. КІентий а, йоІарий а хир бу шун, амма уьш шуна буьсур бац, хІунда аьлча йийсаре буьгур бу уьш. Шун дитташ а, аренашкара ялташ а цІазо хІаллакдийр ду. Шун массо а гІалина тІе а летта, дерриг а шун лаьтта тІера шун бІобулуш хилла лекха а, онда а пенаш дохор ду цу халкъо. Шун Везачу Дала шуна лучу лаьтта тІехь ерриг а шун гІаланашна тІелетар бу уьш. „Нагахь санна тхуна тІе цхьа бохам хІоттахь: хуьлийла иза я таІзар деш долу тур, я цамгарийн ун, я мацалла, тІаккха тхо хІокху цІенна хьалха Хьуна хьалха дІахІуьттур ду, хІунда аьлча Хьан цІе кху цІа чохь ю. Тхо гаттаделла хьаьвзича, Хьоьга кхойкхур ду. Ткъа Ахьа, тхо дІа а хезна, кІелхьардохур ду“.
Выбор основного перевода